Меню
16+

Аргунская городская газета «Аргун»

05.10.2020 12:28 Понедельник
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!

Шайх Мансур - маршонан верас

Алдахойн цIенош чуьра куьйга схьаэцна дIаяхьалуш ерг – кара эций, езаниг – ворданаш тIе йиллий, схьаэца, цул тIаьхьа юрт цIергахь ягае аьлла, омра дира Пиерис. Цуьнан тIемалой, къинхетам боцу акха нах санна, хIусамаш чу а лелхаш, шайна карайогIу, оьшу а, ца оьшу а хIуманаш аракхехьа буьйлабелира.

(Чаккхе. Юьхь еша 21-чу сентябрехь

арадаьллачу №№ 38-39 йолчу газета т1ехь а, кху сайтан т1ехь а)

Иза билггал долу талор дара. Нагахь кху юьртахь буха а сецна, цхьаммо цара дечунна дуьхьало йича, салташа иза, я цхьамзанаш Iиттина, я ша волччохь тоьпаш тоьхна, вуьйр вара. Паччахьан эскархойн сутараллин доза дацара, тиша истанг а, юург-мерг а, кад-Iайг а, цIестан я кхийра пхьегIа а, Iуьрг даьлла неIармача а, куьйган белхан гIирсаш а – дерриг а карадеанарг схьаоьцура цара, кестта дуьне духур долуш санна, хIуманах ца Iебаш.

Нехан чуьра схьаэцна хIуманаш ворданаш тIе йохкуш, карадеана даьхни схьаийзош, зIакардаьхних кадетташ , юьртара арадолуш дара эскар. Цара маьI-маьIIехь цIерш а тийсина, Алда хIинцале йогуш яра. Тхевнаш тIехь эрз болу юьртахойн кегийра цIенош аьхкенан бовхачу малха кIел сиха догура.

Юьртара арадовлий, Iин чухула Соьлжа-хи долчу дIагIо аьлла, омра дира Пиерис шен эскаре. Шаьш талорца гулйина хIонс а эцна, Iинчухула охьабуьйлабелира салтий. Полковник а, цунна гонах болу эпсарш а хьалхабевлла боьлхура. ЖIаьлешна кхоьссинарг йоцург, кхин топ а ца кхуссуш, юрт чIана а яьккхина, оьгIазе мостагIий дIаса а лаьхкина, шаьш баьккхинчу толамах баккхийбеш, самукъане йир а олуш, гIаш а, говрашкахь а схьабогIура оьрсийн салтий. Шайна делла къаьркъа дIамала а ларийна, дикка самукъадаьлла бара уьш.

Хьуьнна юккъера дуьххьара кхоьссинчу тоьпо Пиерина юххера верстина майор вожийра.

– Говрашкара дисса! Дуьхьалонна кечло! – омра дира полковнико.

Кхин а тIетоьхначу герзаша ткъе итт гергга салти вийра. Пиерин эскарехь массо а воьхна хьаьвзира. Ворданашна а, даьхнина а, шаьш юьртахь кайиттинчу хIуманашна а юккъе лаьтта охьабуьйшура салтий. Ламанхоша сих-сиха а, нийса а еттачу тоьпаша декъий охьадохкура церан. Хьерадаьлла деттачу герзо атта караеана хIонс хIинца дага а ца йоуьйтура царна. Кхерабелла, шаьш мича левчкъар бара теша бохуш, хьийзара уьш. Нохчаша хаддаза тIеетта мокхаза тоьпаш, Iоьхуш долу даьхни, узарш ден дархой, маьхьарий детташ, салтий метта бало гIерта эпсарш – инзаре хьал хIоьттинера готтачу Iинчохь. Яккхий тоьпаш нохчашна тIетоха аьтто ца болура церан, дерриг доьхна а, даьржина а хиларна. Iинан шина а агIор тIедетташ дара ламанхойн герзаш.

Пиерина меттахIотталун доцу зен дара хуьлуш, цуьнан эскар гуш лаьтташехь шен сийх а, доьналлех а, адамех а хедаш лаьттара. Иза кхийтира, кху тIамехь ша эшахь, шен дерриге а довш хиларх: эпсаран яхь, дворянинан сий, командиран цIе.

– Салтий! – мохь туьйхира Пиерис, дегI нисдеш хьала а гIаьттина, шпага баттара хьала а йоккхуш. – Гойтур вай хIокху ламаройн писашна оьрсийн салтичо тIом муха бо! Цхьамзанаш хьалха лаца! Суна тIаьхьахIитта!

Иза ламанан басехула хьалаведира, шеца цхьа кIеззиг эпсарш а, салтий а болуш. Амма массара а цхьаьний, «Ура!» аьлла, маьхьарий тоьхча, кхин дуккха а тIемалой тIаьхьахIиттира царна. Полковникна юххехь ведда воьдура цуьнан адъютант, кавказахойн юьхь-сибат долу къона унтер-эпсар. Командирана хьалха а лелхаш, шен дегIаца иза ламанхоша деттачу герзах ларван гIертара иза. Ткъех гIулч дIавада кхиира ишиъ, амма гуш воцчу мостагIан дIаьндаргаша вожийра. Аьхкенан къизачу малхо дагийначу лаьтта тIе вуьйжира командир а, цуьнан адъютант а. Пиери велира, тIаьххьара, халла хезаш: «Хьалха таIа!» ала а кхуьуш. Къона унтер-эпсар белшах дIаьндарг кхетта, цIий а оьхуш, кхетамчуьра ваьлла, бацалахь Iуьллура. Пиерин атака юьйхира, мостагIашна чухьаьвддачарах ах сов эгийра. Дийна биснарш, ворданаш йолчу юха а бевлла, аьтто боллучохь дIалевчкъира. Нохчаша шина а агIор герз тIедетташ, корта хьалаайа ца буьтура уьш.

Мансур шен тIемалойн цхьана тобанна тIера вукхунна тIе а воьдуш, уьш иракарахIиттош вара:

– МашалЛахI! Вежарий, шуна гуш дуй АллахIа вайна деш долу гIо? Цхьа а зен ца хуьлуш, толам боккхуш ду вай! МостагI воьхна, салтийн доьналла а, я ницкъ а бац вайна дуьхьал лата! Амма каравогIучуьнца, вайна дуьхьало ца ечуьнца къинхетаме хир ду вай, хIунда аьлча иштта хила боху вайга вайн Пайхамара Мухьаммада, сола IалейхIи ва саллам! Карабаьхкинарш ма байа! Герз схьаэца цаьргара, иза вайна тIейогIучу хенахь оьшур ду.

Шайн командир Пиери вийнийла а хиина, цуьнан цхьана заместитело дуьхьало ярна тIехь куьйгалла дар шена тIе лецира. Цунна кхин некъ ца гора, дийна биснарш ларбархьама хи долчу юхадовлар бен. Вовшашка кар-кара луш, керлачу командиран омра дIахазийра: «Лаха, хи долчу юхадовла! Шайца цхьа герз бен хIумма а схьа ма эца!» – аьлла.

Шайна кIелхьардовла аьтто болчу хина тIекхаьчча, неканца дехьа берда тIе а девлла, кхерамечу хьолера девр дара-кх бохуш. Амма цIеххьана маьхьаршца хьуьнна юккъера схьалилхинчу ламанхоша и ойла йохийра церан. ТIах-аьлла тIулгаш тIехула а лелхаш, шаьлтанаш а, тарраш а даьхна, ламанан басешкара чухахкабелира и буьрса нах. Хьалхаваьлла вогIуш Мансур вара, карахь йоккха шаьлта а йолуш. Шаьлтанашца а, таррашца а латарехь цуьнга кхочуш тIемало вацара. Хьалха ша тIекхаьчнарш, аьтто а, аьрро а агIор эго волавелира иза. ЦIий Iанош, буьрса тасадалар хилира.

– МостагIашна герз тIетоха! Цхьамзанаш Iитта! – бохуш, йиш халлал маьхьарий хьоькхура оьрсийн эпсарша, амма буьрсачу тIеман кIуркIаманехь церан аьзнаш хезаш дацара. Яккхий тоьпаш тоха ца ларийра артиллеристаш, сел цIеххьана хилира нохчийн тIелатар. Цхьа кIеззиг йолу салтийн тоба бен ца кхечира хи тIе. Уьш Мансуран тIемалоша, нийса хьажош, тоьпаш а йиттина, эгийра.

Кестта дерриг а дIадирзира, нохчийн тоьпаша ца динарг церан шаьлтанаша а, тарраша а чекхдаьккхира. Дуьхьало йинарг массо а цестина охьавиллира.

Пиерин эскарна боккха эшам хилира: командираца цхьаьна вийнарг эзар сов бIаьхо вара, масех бIе йийсаре вигира, шортта дархой а бара.

Мансур, йийсаре балийначаьрга хьожуш, чекхвелира, тIеман хIонсан мах а хадийра цо. Къаьсттина цуьнан самукъаделира шина йоккхачу тоьпах, цаьрца шортта тоьпан молха а, хIоьънаш а, кхиболу гIисаш а хиларх.

– Мансур, хьажахь оха йийсаре валийначуьнга, хIара, схьахетарехь, кавказахойн эланех хила мегаш ву.

Имамана хьалха лаьтташ бос баьхьна къона стаг вара, кавказахойн аматехь а волуш. Чов хилла, дукха цIий дIаихна, гIийла велахь а, корта а айина, дозаллица лаьттара иза. Мансурана дагавеара и жимха, тIом бечу хенахь, шен командир Iалашван гIерташ, чов хилира цунна.

– Хьо мила ву, жима къонах? – хаьттира Мансура талмажчуьнгахула.

– Со эла Багратиони ву, Цуьнан императорски лакхаллин Астрахански гIашлойн полкан унтер-эпсар, – элира жимачу стага, нийсса имамана юьхь-дуьхьал а хьожуш.

– Хьо майра тIемало ву, суна гина хьо тIамехь. Хьо гуьржи ву?

– Ву, гуьржи ву.

– Дика ду, эла, майрачу нахе ларам бу нохчийн, муьлххачу къомах иза хиларх. Хьуна оьшуш долу гIо дийр ду.

– Баркалла, шайх! Хьо дог дика стаг ву.

– Цуьнан чевнаш дIаехка, оьшуш долу гIо а де. Оьрсийн эскархойх маслаIатана юкъалеларш схьабаьхкича, эла а, кхиболу дархой а дIабахийта, – омра дира Мансура шен тIемалошка. Багратионина шайхан дешнаш гочдира, хазахетаран серло къегира цуьнан бIаьргаш чохь:

– Баркалла хьуна, Шайх Мансур! Суна дицлур дац ахь сайх къинхетам бар! Сан сий ларди ахь! – элира даггара а, доккхачу баркаллица а эло, шен дага тIе куьг а дуьллуш.

– Дала аьтто бойла хьан, эла. Суна луур дацара вайшиъ тIеман арахь дуьхь-дуьхьал нисвала, – элира Мансура, эле куьг а кховдош.

– Суна а луур дацара иза! Дала Iалашвойла хьо! – цуьнан куьг лецира Багратионис.

ТIом чекхбелира. Беллачу эпсарийн а, салтийн а декъий цIеначу меттиге охьадехкира нохчаша. Ткъа цхьаберш чевнаш хиллачарна гIо деш бохкура.

Иза Имаман Мансуран дуьххьарлера боккха толам бара, шен юрт Алда ларъеш, хьалхарчу тIамехь баьккхина. Къаьсттина мехала бара иза, хIунда аьлча нохчаша шаьш тIом бан доьналла а, говзалла а йолуш дуйла хаийтира Россин империна. Кхунна тIаьхьахIиттинарш иракарахIитторна а, гонахарчу къаьманашна масал хиларна а тIехь доккха маьIна долуш бара Имаман Мансуран дуьхххьарлера тIом а, толам а.

Мансуран цIе ерриге а Кавказехь а, Хонкара-махкахь а евзира. ХIара волчу, шайн маршонан дуьхьа къийса а, лата а чIагIо йолуш, луларчу мехкашкара гIаттамхой схьагулбала буьйлабелира – Дагестанера, ГIебартара, Чергасийн-махкара, Адыгейра. Кестта Имаман тIом бан кийча долу доккха эскар вовшахкхийтира – шайн паргIатонехьа летар болуш, кура а, къарлур боцу а ламанхой. Хьалха дуккха а тIемаш а, толамаш а, эшамаш а бара, амма Шайхан Мансуран цIе, йовр йоцуш, юьсур йолуш яра бIеннаш шерашкахь адамашна юкъахь.

Садовш лаьттара. Накъостий болчуьра дехьа а ваьлла, дийнахь малхо бохбинчу тIулга тIе а хиъна Iара Мансур. Ойлане ваьллачу цунна ца гира, шена тIе IабдаллахI вогIуш.

– Мансур, муха ву хьо? КIадвеллий? – хаьттира къаночо.

– ХIа-а, хьо ву иза IабдаллахI? Суьйре дика хуьлда хьан. ХIан-хIа, со кIад ца велла.

– Хьалха дуккха а халонаш ю, Мансур. Толамаш а, эшамаш а хир бу. Хьо царна кийча хила веза. Ас элира хьоьга: хьан шатайпа некъ хир бу, хьо АллахIана гIуллакх дан хаьржина ву. КIеззигчу хенахь хьо дуккха а гIуллакхаш кхочушдан кхиъна, амма кхин дуккха а дан дезаш а ду. Хьо кийча вуй?

– Со кийча ву. Сан дахар АллахIан карахь ду, со гуттар а кийча ву Цунна гIуллакх дан.

АРСАНУКАЕВ Муса

Бекарг бутт, 2020 шо, Чуьрийн-Эвла

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

1