Меню
16+

Аргунская городская газета «Аргун»

15.07.2020 17:06 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!

Барт болчахь кхиамаш а хир бу

13-чу июлехь Устрада-г1алин мэрехь вайн г1алин 4-чу гуламан депутатийн Советан вовшахтохараллин заседани хилара. Цуьнан балхахь дакъалецира Устрада-г1алин Мэран хьалхарчу заместитела Масаев Илеса, Мэран заместительша, вайн предприятийн, организацийн, учрежденийн куьйгалхоша, Устрада-г1алин территориальни харжаман комиссин председатела Сабралиев Руслана, 12-чу июлехь д1абехьначу хенал хьалхарчу харжамашкахь хаьржинчу г1алин Советан депутаташа.

Керла хаьржинчу депутаташа ч1аг1дира дийцаре дан билгалдина хаттарш: Устрада-г1алин депутатийн Кхеташонан председатель, г1алин Куьйгалхо харжар; Устрада-г1алин депутатийн Кхеташонан председателан заместитель харжар; г1алин депутатийн ккхеташонан комиссеш харжар; Устрада-г1алин Мэран Х.-М.Ш. Кадыровн бакъонаш сацор (иза кхечу балха вахарца доьзна); Мэран дарже баха лаам болчарна юкъахь конкурс д1аяхьар.

Гулбеллачарна хьалха къамел дира Устрада-г1алин Мэран хьалхарчу заместитела Масаев Илеса.

- Даггара салам-маршалла ду шуьга, хьомсара Устрада-г1алин предприятийн, организацийн, учрежденийн куьйгалхой а, мэрин белхахой а, — аьлла д1адолийра цо шен къамел – Доллучул а хьалха шуна массарна а баркалла ала лаьа хенал хьалха болчу харжамашкахь аша жигара дакъалацарна. Дала мукъ лахь, вай бертахь къахьоьгур ду вешан Устрада-г1ала а, цунах схьакхетта Бердк1ел юрт а, Чечана а, Примыкани а кхид1а а кхиорехь, уьш куьце ялорехь, бахархойн 1ер-дахар кхид1а а тодарехь, зовкхиэ, токхе хилийтарехь.

Устрада-г1алин муниципалан округана т1ехь куьйгалла дар сох тешор, кхид1а а билгалдаьккхира А.А. Масаевс, иза суна цхьанна бела тешам бац, вайна массарна а тешам балар ду. Цундела и тешам ларбар, паччахьо вайна хьалхах1иттийна декхарш кхочушдар вайх х1ораннан сийлахь декхар ду. Хинболчу кхиамийн закъалт — вай массара а мало йоцуш, бертахь къахьегар ду. Барт хилар санна маь1не ду вайх х1орамма бахархойн хьашташ дуьззина кхочушдар. Пхьаьрса к1ела кехаташ а дехкина мог1арерчу белхахошна хьаькам т1ечехар маггане а мегар дац. Шен цхьа г1уллакх, проблема эцна куьйгалхочунна т1евеанчу стагана кураллаш еш, цунна кханенаш йохкуш, цунна т1е мохь хьоькхуш хила ца веза даржехь верг, бохура Илеса, цо шена т1едеана г1уллакх х1уъа дина а кхочушдан некъаш лоьхуш хила веза. Дарж гуттаренна а кхочуш дац стаге. Вайл хьалхарчара и бина болх шайн рицкъа кхачадаллац, вай а бийр бу Аллах1а ваьшна тоьхна хан т1екхаччалц, вайна т1ебог1уболчара а бийр бу шайн рицкъа мел ду. Стагехь а, зудчехь а дуьсур дерг цуьнан г1иллакх-оьздангалла, эхь-бехк, собаре хилар ду. Даржехь хилча а, цигара доьхча а вай цхьана шахьрахь, луларчу ярташкахь даха дезаш ду, вайна юкъахь шортта гергарлонаш а, бевзаш-безарш а бу. Цундела вай мокхаз санна цхьаъ хилла бертахь къахьегахь вайга мел чолхе декхарш а кхочушдалур ду.

Вайн паччахьо сурт санна хазйина, куьце ялийна Устрада-г1ала а, цунах схьакхетта ярташ а. Цунах тоам бина 1ен бакъо яц вайн. Коьртаниг – кхид1а а кхиар, керлачу лакхенашка кхачар ду.

Динчух тоам бина 1ийр дац вай. Р.А. Кадыровс кхид1а йолчу хенахь а вайна г1о-накъосталла дийр ду аьлла. Герггарчу хенахь Устрада-г1алахь ян лерина 2 школа а, 140 меттигна лерина берийн беш а. Иштта, билгалдина керла некъаш дахкар, бахархойн социалан хьелаш тодар.

Аллах1ан г1оьнца, вайх х1орамма бертахь къахьоьгур ду вешан белхан меттигашкахь, ваьш дол-долчохь къиэпе а, низам а, ц1ано а ларйийр ю. Т1аккха вайга мел чолхе, хала декхарш а кхочушдалур ду, аьлла дерзийра Масаев Илеса шен къамел.

Керла хаьржинчу депутаташна мандаташ д1аделира Масаев Илеса а, г1алин харжаман комиссин председатела Сабралиев Руслана а.

Цул т1аьхьа депутаташа Аюбов Ибрах1им хаьржира депутатийн г1алин Советан председатель, Устрада-г1алин Куьйгалхо. Цуьнан заместитель ч1аг1вира Докуев 1илман.

Устрада-г1алин Мэран дарже х1итта луучарна юкъахь йолу конкурс д1ахьочу муьрана Мэран декхарш кхочушдар т1едиллина Мэран хьалхарчу заместительна Масаев Илесана.

Кхеташо ерзош вистхилира юьрта къеда Доскаев Юнус-хьаьжа.

- Дала т1аьхье беркате йойла вайн таханлерчу мажлисан, — элира цо. — Вай массо а хьанала хилахь вай къахьегар, вай беш болу болх 1амал хир ю, вай хьарам хилахь – хьакъ хир ду х1ораннан вортан т1ехь. Устрада-г1алин Мэран декхарш кхочушдеш волчу Масаев Илеса вайна хьалха дина къамел ц1енчу бусалба стеган къамел ду. Вайн куьйгалхой кураллех а ларлуш, шайн ницкъ кхочучу барамехь адмийн хьашташ кхочуш а деш, шайх тешийначу декъах хила ма-деззара жоьпалла а долш д1аболхахь уьш кхиаме ца кхочийла дац. Дела реза хинволчу некъа т1ехь вай нислахь Аллах1а г1о дийр ду вайн массо а дикчу х1уман т1ехь. Аллах1-Деле вайна г1о дар доьхуш, кхиамашкахь, ни1матехь совдахар доьхуш, вовшашна юкъара барт ч1аг1бар доьхуш юьрта къедас до1а дарца йирзира и мажлис.

А. ТАЗБИЕВ

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

17