Меню
16+

Аргунская городская газета «Аргун»

11.12.2020 13:14 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!

Вайн коьрта декхар – ун-балех лардалар

9-чу декабрехь Устрада-г1алин мэрехь рог1ера кхеташо д1аехьира Устрада-г1алин Мэра Масаев Илеса. Цигахь дакъалоцуш бара предприятийн, учрежденийн, организацийн куьйгалхой.

- Тахана вай цхьаьнакхетар доьзна ду Республикан Куьйгалхочо Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана 7-чу декабрехь арадаьккхина № 227 йолу Указ дахарехь кхочушдархьама дан деза г1уллакхаш дийцаре дар, — аьлла д1адолийра И.А. Масаевс шен къамел. – Билгалдаккха деза и Указ вайн махкахь COVID-19 ц1е йолу коронавирусан инфекции ца яржийтарна т1ехьажийна ду. Ма-дарра аьлча х1окху шеран 27-чу мартехь арадаьлла хилла № 66 йолу Указан бехкамаш, махкахь тахана х1оьттинчу хьолаца доьзна, мелла а ч1аг1бина мехкан Куьйгалхочо, шен халкъ оцу кхерамечу ун-балех лардархьама.

Цу т1е доьг1на вай дан дезарг х1ун ду? Паччахьан омар дуьззина кхочушдар ду, — элира юьртдас. – Цунах долу жоьпалла куьйгалхошна т1ехь ду. Тахана дуьйна х1ора учрежденехь, предприятехь, организацехь билгалвина цхьа белхахо хила веза шайн белхахойн а, арахьара т1ебог1учийн а дагар ду-дац леррина болчу г1ирсашца толлуш, уьш масканаш йоцуш чу ца буьтуш.

Бехкамаш ч1аг1бар ларамаза дац, кхид1а а билгалдаьккхира И.А. Масаевс. – Керлачу инфекцих ун даьллачийн терахь дийно-дийно алсамдолуш ду. Масала, вайн г1алин округехь дийнахь-бусий COVID-19 ц1е йолу цамгар кхеттачийн терахь 23-нна сов ду селханлерчу денца дуьстича. И вирус хийцалуш ю. оцу бахьанина цхьаволу стаг и цамгар кхетта масех де далале леш меттигаш нисло. Цундела вай массо а шен-шен меттехь сема хила деза. Республикан Куьйгалхо кхуьур вац вайн массеран а терго йина, вай массо а 1алашдина. Нохчийн къам ун-балех лардарехь Рамзан Ахматовична г1о-накъосталла дар вайн декхар ду. И лешберш вайн бусалба вежарий, йижарий хилар дицдан мегар дац. Вай сема ца хилахь и бохам х1ораннан доьзале кхача герга ду. Вайга Аллах1а а боху Шен Сийлахьчу Къуръана чохь шайн дог1маш зиэнах ларде. Изза боху вайга 1едало а,лоьраша а. церан бехкамаш кхочушбар, оцу цамгарх ваьш лардар хила еза вайн коьрта 1алашо.

- Коронавирусан инфекцих вайн г1алин округан бахархой ларбархьама беш болчу балхахь жигара дакъалоцу Устрада-г1алин ОМВД-н белхахоша, элира шен къамелехь Россин МВД-н Устрада-г1алахь йолчу отделан куьйгалхочун заместитела полицин подполковника Термолаев Тамерлана.

Бинчу талламаша гойту, кхид1а а билгалдаьккхира Т. Термолаевс, масканаш (туьтм1аьжгаш) лелоран раж к1оршаме талхош берш, коьртачу декъана, вайн школашкара а, техникумера а дешархой, студенташ бу. Уьш низаме балорна т1ехьажийна болх жигарабаккха беза церан хьехархоша, дешаран кхерчийн куьйгалхоша. Цуьнца цхьаьна вай къаьсттина ларбан беза 65 шарал хьалабевла баккхий нах.

- Дийно-дийно алсамдолуш ду вайн г1алин округехь цамгар-ун бахьанехь леш долчу адамийн терахь, — элира кхеташонехь вистхуьлуш юьрта къедас Доскаев Юнуса. Лоьраша вайга боху оцу вирусах ларло, цамгар-ун даьржинчу муьрехь тезетан барам ларбе, цигахь алссам адмаш ца латтош, тезета баьхкинарш кадам бинчул т1аьхьа д1абахийта.

COVID-19 ц1е йолчу лазарх цомгашниг велча иза д1аволла кечвар (дакъа лийчор, цунна марчо хьарчор, кхиболу кечам бар), веллачунна докъа ламаз дар и.д1.кх. 1аламат кхераме ду и цамгар кхечарна яларна. Ур-атталла веллачун верасашна а хуьлу дегаза и болх кхочушбан. Церан бехк а бац: цхьанна а ца лаьа сел кхоамза х1окху дуьненчура д1аваха, х1оранна а шен са деза. Цундела аса кхайкхам бо вайн бахархошка: варийлаш, ларлолаш оцу вирусах, цомгаш а хилла дарба лелочул дуккха а атта ду оцу ун-балех ларделча.

Иштта кхеташонехь дийцаре дира бахархоша шайгара йог1уш йолу (лаьттах, транспортах, х1усмех) налогаш, иштта газ, ток ягорна, коммуналан хьашташ кхочушдарна йог1у ял сихонца д1аяла езаш хилар. Юьртдас кхайкхам бира куьйгалхошка оцу т1ехь ледарло ма яхьара, аьлла.

Кхеташо ерзош Масаев Илеса гулбеллачарна вовзийтира шен керла заместитель Баудинов Заурбек.

- Муниципала белхан стаж 20 шо а йолш дика говзанча, тешаме накъост, шена т1едиллина муьлхха а г1уллакх чекхдаккха корматалла йолш накъост ву Заурбек. Грозненски к1оштан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместителан даржехь а лаьттина иза еххачу заманчохь. Шен белхан бакъволу говзанча хиларал сов адмашца хила еза юкъаметтиг лелон а, цаьрца бийца мотт карош а ву Заурбек. Дала беркате бойла хьан болх, Заурбек, аьлла дерзийра юьртдас шен къамел.

А. БАСОВ

Эльдаров Аптин сурт

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

6