Меню
16+

Аргунская городская газета «Аргун»

21.09.2020 09:37 Понедельник
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!

Шайх Мансур - маршонан верас

Аьхкенан хаза де дара. Дуьне хьаста гIаьттинчу эсалчу малхо стиглахь нека дора. Ша къайлабаккха гIертачу мархашна юккъехула. Iаламан тийна хазалла яра лаьттахула яьржина: аьхначу соьналлех дуьзна лаьмнаш, аренаш, лаьмнийн къоьжачу кортошкара схьадевлла, тогIенашка дIакхача сихделла доьлху шийла хиш, ярташна юккъехь яьржина Iохку стоьмийн бошмаш, регIан басошкахь а, лаьмнийн даккъаш тIехь а лаьтта бIаьвнаш – мехкан хой. Дагна дезна латта, синца боьзна мохк!

«Ма къинхетаме ву вайца Сийлахь АллахI! ХIара беркате латта делла Цо вайна. Даймохк! Кхузахь вайн дай баьхна, хIинца вай ду дехаш, тIейогIучу хенахь вайн тIаьхьенаш а ехар ю, ИншааЛлахI!»,– ишшта ойла йора даржийначу вертана тIехь Iуьллучу къоначу Iуьно. Коьртара схьабаьккхина месала куй шена юххе охьа а биллина, куьйгаш вортана тIехь цхьаьна а тесна, аркъал Iуьллура иза, стигала а хьоьжуш. Цигахь сийначу паналлехула дIайоьлхуш кIайн, яккхий мархаш яра. Цара тайп-тайпана суьрташ хIиттадора, адамех а, дийнатех а, акхаройх а тера долу.

Гена доцуш дежаш кхуьнан уьстагIий дара. Ламанан басехула хьаладоьлхура уьш, догIа деанчул тIаьхьа хаза хьийкъина хьалаяьлла буц а цоьстуш, шаьш дечу хураца гонахара цаьпцалгаш а къехкош. Церан терго еш дара доккха месала жIаьла. Цо уьстагIий гена дIаса ца довлуьйтура. Сих-сиха ша Iуьллучуьра хьала а гIоттий, шен доккха деза дегI а идош, жа тIегулдора цо. Амма уьстагIий керла буц лоьхуш, юха а басехула генна дIадоьлхура.

ЦIеххьана жIаьлин латар хезира кIантана. Иза, ша волчуьра сиха хьала а иккхина, жIаьла долчу дIахьаьжира. Ламанан басехула хьалавогIуш, шурул кIайн еха маж а йолуш, цхьа воккха стаг вара. Хьалха луьйзуш Iаса яра цуьнгахь, сих а ца луш, меллаша схьавогIура иза. Цуьнан болар дайн а, паргIат а дара, къаночун хене хьаьжна доцуш, лекхачу дегIан куц а товш дара.

– Борз, мегар дац! Юхадала! – аьлла, мохь туьйхира кIанта. Амма летаран шовкъехь долу жIаьла саца доллуш дацара, шен летарца, доккхачу дегIан ондачу ницкъаца некъахочунна чухьаьдда догIура иза. Воккхачу стага меллаша саца а сецна, шен буй бете а баьхьна, цу чу цхьаъ дийшира, юха хьаланисдина долу куьг хьалхатесира цо. ЖIаьла цунна тIекхачале цIеххьана сецира, лаьтта охьа а дижина, когаш тIебиллина корта а болуш, дIатийра иза, цхьа а гIалх а ца олуш. Шена гиначух цецваьлла, Iадийча санна, лаьттара къона Iу.

– Ваши, къинтIера валалахь, жIаьла дIадаккха ца кхии со! Де дика хуьлда хьан, – элира цо, воккхачу стагана тIе а веана. Къано леррина хьоьжура кIанте. Хаза аматаш долуш, товш юьхь-сибат дара кIентан, лекхачу, зоьрталчу дегIо цуьнгахь онда ницкъ хилар гойтура.

– Далла везийла хьо, Мансур! Са ма гатде, жIаьло суна хIумма а дийр дацара.

– Бехк ма биллалахь, сан цIе Ушарма ю.

– Хаьа суна, делахь а дуьненчохь, Мансур цIе йолуш, вевзар ву хьо.

– Ахь дуьйцург тамашийна хIума ду, со дика ца кхета хьох.

– ХIаъ, хьуна кхета хала хир ду ас аьлларг… Сан цIе IабдаллахI ю. Со хьуна иштта хаам бовзийта ваийтина ву: хIинца дуьйна Везачу АллахIана гIуллакх деш хир ву хьо. Ахь Цуьнан Дош нахана довзуьйтур ду.

– Иза муха хир ду? Со ур-аттал йоза-дешар хууш а воцу жаIу ма ву, сан хIун ду нахана дала?

– Са ма гатде, АллахIе далур доцуш хIума дан а дац! Ахь кестта Къуръан муьлххачу моллел а дика доьшур ду, ткъа къамелехь хIокху махкахь хьоьга кхочуш цхьа а Iеламстаг хир вац.

– ИнналилЛахI! Соьга далур долуш хIума дуй техьа иза?

– Дера ду, Мансур, дерриге а иштта хир ду. Хьан цIеран маьIна «толамхо» бохург ду, ахь хьайна тIаьхьа дийнна эскар дуьгур ду, нах хьох тешар бу.

Воккхачу стеган хьекъале а, жимма къовламе а юьхь яра, цуьнан хене хьаьжна доцуш, къона бIаьргаш а дара. Къамел дечу хенахь леррина юьхь-дуьхаьл хьоьжура иза, цуьнан хьажар стеган дегIах чекхдолуш санна хеталора. Тамашийначу къаночо элира:

– Мансур, хьо имам хир ву, халкъалахь Ислам чагIдийр ду ахь, хIара дуьне духург хилар дIа а кхайкхор ду.

IабдаллахIа кестта хин долчу хIуманех лаьцна дийцира кIантана. И дерриге а тамашийна хетара Ушармина, цунна хала дара цунах теша.

Амма дерриге а хьекъалечу IабдаллахIа ма-дийццара хилира. Ушармас тIевоьлла Iаьрбийн йоза-дешар Iамийра, кестта цунна Къуръан деша Iемира. Нохчийчуьра а, Дагестанера а бевзаш болчу Iеламнахана тIе а оьхуш, шен хаарш кIаргдора цо. Исламах долу шен хаарш алсам мел довлу, уьш нахана довзийта лаьара цунна, нахаца къамел дан а, уьш нийсачу новкъа баха а гIертара иза. Мансур олий, йоккхура цуьнан цIе иза вевзачара. Кестта и цIе Нохчийчохь массо а меттигехь евзаш яра. Цхьаболчара цунах «шайх» олура, вукхара – «имам». Шен юьртахь а, кхечу ярташкахь а хьехамаш бора Мансура. Наха цуьнга леррина ладугIура, хIунда аьлча дагах кхеташ, хьекъале, говза дара цуьнан къамел.

Амма къоначу Iеламстагана хIума ала гIерташ а, иза аьшнаш веш а нах бевлира, дукхахберш кхуьнан юьртара а болуш:

– Иза мила ву ван? Дукха хан юй жаIуйх Iеламнах хилла? Мискачу ШаIабазан кIант вац иза? Церан цIийнах ваьллий цхьа а молла?

Мансурана хаьара шен букъа тIехьа хьагI йолчу наха цу тайпана къамелаш деш дуйла, нах гулбеллачохь церан вон хьажарш гора цунна, цара ен Iиттарш а хезара. Амма цо тергал ца дора, ша емалван а, сийсазваккха а гIерташ, цара ден хабарш. Цуьнан цхьа а шеко яцара ша АллахIан новкъахь хиларх а, Цо ларвеш хиларх а.

– Бусалба вежарий! Веза Воккхачу Дала тешаре кхойкху вайга! Сийлахьчу АллахIе долчу дезачу тешаро бен кIелхьарадохур дац вай Эхартахь хин долчу таIзарх. ЧIагIде Делах долу шайн тешар, ламазаш де, доIанаш де, шайн догIмаш а, синош а къинойх цIанде, Къематан дийнахь шайна дуьхьал тешалла ден долчу хIуманах ларло! – бохуш, кхайкхамаш бора цо нахе.

Кестта динах долчу цуьнан шовкъечу къамелех лаьцна гонахарчу ярташкахь а, яккхийчу шахьаршкахь а хиира. Мансуран хьехамашка ладогIа нах ерриге а Нохчийчуьра схьабогIура. Алде схьабогIучарна къона шайх ган а, цуьнга ладогIа а, дистхила а лаьара.

Нахана цуьнгара цхьа тамашийна болх хила лаьара, церан кхетамехь «веза стаг», «шайх», «эвлаяъ» цхьа инзаре хIума гайта, Делера болу хаам бовзийта декхарийлахь вара. Амма кестта церан аьтто хилира Мансур билггала Дала шена диканиг делла хилар довза. 1785-чу шеран чилланан баттахь цо элира:

– Масех де даьлча, стигал къекъаш а, латта чIогIа дегош а хезар ду шуна. Дохко а довлий, тоба де, Деле доIанаш де, шайна гечдар деха Цуьнга!

Билггала, чилланан беттан 12-чу дийнан буьйсанна, Нохчийчохь хилла ца Iаш, ерриге а Къилбаседа Кавказехь мохк бегийра. Имаман дешнаш хезна болу нах кхерабелла а, Iадийна а бара. Iаламат дукха нах тийшира Мансурах, дукха хан ялале Кавказан берриге а бусалбанийн имам дIакхайкхийра иза.

Эххар а нохчийн «хьехамчех» лаьцна хабар Россин империн зуда-паччахье а дIакхечира. Амма керла ваьллачу «везачу стагах» болчу хааман башха терго а ца йира цо. «Имам Мансурах долу хабарш туьйранаш ду», – аьлла, дIахьедар дира Екатерина ШолгIачо,шена Мансурах лаьцна дийцича. Йоккхачу империн дуккха а меттигашкара цу тайпа эладитанаш цунна тIе кест-кеста дахьара. Делахь а Мансурах лаьцна хууш дерг а, доцург а гулде, ша олалла дечу Россин империна мел кхераме ву иза талла аьлла, омра дира цо шен хьадалчашка.

Нохчийчу талламхой бахийтира, цигахь долу хьал ма-дарра къастадайта. Мансуран юьрта Алде а баьхкина, кхузахь карзахбевлла лела нах а гина, уьш шайн имамана мел муьтIахь бу а хиина, Петарбухе юхабахара къайлаха баьхкинарш. Цара зуда-паччахье элира, ламанхой Мансурана гонах гуллуш а бу, мичча хенахь а паччахьна дуьхьал гIовтта кийча а бу аьлла. Екатерина ШолгIачо омра дира, Мансур а, цунна гонах берш а, сихонца схьа а лаций, буржалшкахь Петарбухе схьабалабе, нагахь цара дуьхьало яхь, уьш берриш а хIаллакбе аьлла.

Лаьмнашка, сихонца кечдина, эскар дахийтира, куьйгаллехь полковник Николай Пиери а волуш. Цуьнца ши эзар тIемало вара: гIашлойн полкаш а, дошлой а,гIалгIазакхийн эскадрон а, шиъ йоккха топ а. Оццул ницкъ тоьур бу талорхой схьалеца аьлла, хийтира полковникна.

Россин эскар Алдана геннахь долуш дуьйна гуш дара Мансурана а, цуьнан бIаьхошна а. Юьртахь тIом байта лууш вацара имам. Цо берриге а юьртахошка, хьуьнхахь къайладовла аьлла, омра дира. Ткъа ша тIемалошца юьрта богIучу некъана гонах долчу Iинчохь оьрсийн эскарна кIелхиира. Мансурана хаьара, Алдера салтий юханехьа кху Iинчухула бен богIур боцийла.

Аьхкенан хан яра. Хьийкъинчу, токхечу Кавказан Iаламах адамаша а, дийнаташа а, акхароша а, олхазарша а – ерриге а садолчу хIуманаша пайдаоьцу хан. Нохчаша Суьйра-Корта олучу лома тIехь юькъа хьаннаш Iохкура. Хьуьнчохь хIаваъ цIена а, аьхна а дара. Олхазарийн эшарш а яра дитташна юккъера схьахезаш. Амма адамийн дахарехь машар а, синтем а бацара.

Некъа йистехь лаьттачу дитташ тIера схьадохуш, шайна цкъа а гина доцу тамашийна стоьмаш а дууш, Пиерин салтий Алди-юьртана гергахьа богIура. Шаьш юьртана тIекхаьчча, иза яьсса карийра царна. Цхьанаметта гулделла, дуккха а жIаьлеш девлира кхарна дуьхьал, шайн летарца йоккха гIовгIа а йоккхуш. Юьртахь хийра нах гучубевлча, лиэта хIиттира уьш, шайна цаьргара хIун кхерам хир буй а ца хууш. Салташа, тоьпаш тоьхна, масех жIаьла дийра, дисинарш сиха къайладевлира шайна дIаловчкъа меттиг йол-йолчохь.

Юьртах хьовса элира Пиерис, цхьа а каравойла хьожуш. Дукха хан ялале хьалхаваьккхина, кIайн маж а йолуш, лекхачу дегIахь волу воккха стаг а валош, схьабаьхкира салтий. Юьртара дIавахаза и цхьаъ бен ца висинера.

– Стенга бахана юьртара нах? Хьо мила ву? – хаьттира полковника шен талмажехула.

– Талмажалла дан ца оьшу, суна хаьа оьрсийн мотт, – элира къаночо цIеначу оьрсийн маттахь, Пиери а, цунна гонах берш а цец а бохуш. – Кхузара бахархой дIабахана, шу тIедогIуш ма-гинна. Уьш стенга бахана суна ца хаьа.

– Хьуна мичара хаьа оьрсийн мотт сел дика? Кху юьртара вуй хьо? – хаьттира полковника.

– Суна дуккха а меттанаш хаьа, оьрсийниг а цхьаьна. Сан цIе IабдаллахI ю, тIаьхьарчу хенахь со кху юьртахь Iаш ву.

– Хьо тамашийна воккха стаг ву! Цкъа а хьо вуьйцуш ца хезна суна. Мансур мичахь ву? – цецваларца къаночуьнга хьоьжура Пиери.

– Суна ца хаьа, иза мичахь ву. Делахь а генахь-м хир вац иза.

– Иштта хIунда хета хьуна?

– ДуьххьалдIа гена дIаваха кхуьур вацара иза хIара хан ялале.

– Иза нийса ду. Дика ду, IабдаллахI, ахь со дикка цецваьккхи, суна ца гина хьо санна стаг, ас дIавохуьйту хьо. Ткъа Мансур сан каравогIур ву, тIаккха ас дан доггIу таIзар дийр ду цунна.

– ХIун хуьлу хьанна хаьа, господин полковник? АллахIан къайленаш вайна хуийла дац.

– Дика ду, дIагIо, оха юрт ягаяле… – элира Пиерис, юьхь чIичкъашка а йохуьйтуш, цунна ца тайра воккхачу стеган дешнаш.

IабдаллахI, юьртан цхьана готтачу урамехула дIа а вахана, цIеххьана къайлавелира.

(Т1аьхье хир ю)

АРСАНУКАЕВ Муса

Бекарг бутт, 2020 шо, Чуьрийн-Эвла

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

62