Хьарам
(Шийлачу 44-чу шарахь цIерпоштнекъан йистошца Iахка бисина эзарнаш, бIеннаш эзарнаш дагалоцуш).
Йаьссачу йистйоцчу арахь охьабаьхна бIеннаш эзарнаш дагалоцуш.
Адаман доцчу хьелашкахь дийна биса гIиртина а… дийна бисина а болу бIеннаш эзарнаш дагалоцуш.
Иза тарих (истори) йу.
Иза вайн тарих йу.
Халкъан хьуьнаран тарих.
Йамартлонан, тешнабехкан тарих, йаа-мала а доцуш, хьелий дIасадига леринчу шалон тIехь цхьана дийнахь дийнна халкъ шен Даймахках а, долахь мел долчух даьккхина, шен махкана эзарнаш чаккхармаш гена дIадигначу пачхьалкхан куьйгаллин боьхачу гIуллакхан тарих.
44-гIа… Кхазахийн мохк… Лачкъа меттиг боцу шело, дегIах а, сих а чекхболу мох. Дийнна доьзалш мацалла леш бара. Цицигаш а, жIаьлеш а хIун ден дара, дехкий а, шаьш кIелхьардовлуш, довдуш дара махкахбаьхнарш болчуьра. Адамаш кхетамах довлура, акхадевллачу, адаман сибатах къаьстинчу адамаша адамийн декъеш дууш меттигаш йаьхкира.
Дерриге а хилла… ХIораммо а шен-шен кепара тIеэцнера мацаллин Iожалла. Цхьаммо халла хезаш доIанаш дора, меттара гIатта гIора а доцуш… кхечо, барзо санна, цавалархьама, напха — боданехь, буса лохура. Мухха висина а дийна висархьама…
Ишттачу цхьана буьйсанна, уьстагI а беана, цхьана къоначу нохчичо шен берриге лулахой гулбинера: йуххерчарна а ца луш, шен хIума къайллах шена йуучех вацара иза…
Цо схьакхайкхинчарна йукъахь цхьа воккха стаг вара. Мацалло гIелвина волу иза, карахь схьавалийнера.
«Кху тайпана хаза хьожа йалсаманехь бен хила йиш йац», — неIсагIех чоьхьа ма-веллинехь, йуучуьнга сатасарца элира цо. ТIаккха, йехха соцунгIа лаьттинчул тIаьхьа, меллаша хаьттира цо: «Везачу Дела дуьхьа алахьа, Хьаьжа-Мурд, бакъдерг, хIара хIун уьстагI бу?»
Иштта хаттар шега дийр ду аьлла дагадеана а хилла воцу хIусамда вуьйхира, амма ма-дарра дийцира цо: «Суна доккха сий ду сайн хIусамехь хьо тIеэцар. Делан цIарца доьхуш ву хьо… Ас жоп лур ду тIаккха: и уьстагI ас лачкъийна бу».
Хала тийналла хIоьттира.
«Ахь суна бехк ма билла, кIант. Сан оцу кхачанах кхета йиш йац», — элира къеначу нохчичо, халла хезаш.
Масех де даьлча и стаг мацалла велира.
ХIара суна дийцинарг ву Эвтарара С-Э.Докуев.
Проза.Ру сайтан Ясаев Лечин агIон тIера хIара дийцар нохчийн матте гочдина ГАЙТУКАЕВ Асламбека.
Леча ЯСАЕВ
Добавить комментарий
Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.