Меню
16+

Аргунская городская газета «Аргун»

31.07.2020 01:01 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!

Шен баьлла б1аьрг а ца гуш нехан б1аьргахь к1ай лехар санна х1ума ду 1амерко лелош дерг

Устрада-г1алин урамашкахь шайга динчу хаттаршна бахархоша делла жоьпаш

Республикехь дехачу дерриге къаьмнаша санна Устрада-г1алин бахархоша цхьабарт болш емалйо 1амеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна а, цуьнан доьзална а доьхьал кхайкхийна санкцеш. Иза иштта хилар гучуделира тхан корреспондентана д1адаханчу шоьта дийнахь вайн г1алин урамашкахь «1амеркан пачхьалкхан департаменто Р.А. Кадыровна а, цуьнан доьзална а доьхьал санкцеш кхайкхор муха хета шуна?» аьлла бахархошка ша динчу хаттарна цара дела жоьпаш хезча.

Султан, 71 шо, хьехархо: — Шен баьлла б1аьрг а ца гуш нехан б1аьргахь к1ай лехар санна х1ума ду цара лелош дерг. Адмийн бакъонаш талхор дуьйцучахь дац 1амеркехь лаьтташ долу хьал. Масех бутт бу цигахь 1аьржа чкъор долу бахархой, шайн бакъонаш к1оршаме талхош хилар ла а ца делла, митингашка арабевлла. 1амеркан дукхаха йолу штаташ сийначу ц1арах йогуш ю, 1едална реза боцчара охьаотуш ю шайна доьхьал мел нисъелларг: машенаш, туьканаш полицин тобанаш. Полицин белхахочо, герз тухий, маьрша стаг вуьйш хилар, 1амеркехь ламаст хилла д1ах1оьттина. Адмийн бакъонаш кхочушъяр шайн чуьра дуьйна д1адоло деза 1амерко Нохчийчоьнна ма1аш 1итта а ца г1ерташ.

Адам, 59 шо, журналист: — 1амеркан юьхьачкъуьйриг котамийн з1акарш ечу х1умнах йина яцахь ас тамаша бийр бу — оццул эхь ца хеташ, б1аьрга нег1ар ца тухуш, харцдерг дуьйцу цара. Адмийн бакъонаш талхор бохуш къамелаш муха дийр ду суверенни пачхьалкхеш – Югослави, Ливи, Афганистан, Ирак – бомбанаш а йиттина х1аллакьйинчу пачхьалкхан ц1арах? 1амеркан къизалла бахьанехь миллионаш маьрша адмаш х1аллакьхилла лакхахь ц1ерш яьхначу пачхьалкхешкахь, б1еннаш эзарнаш бераш, зударий, къаной заь1ап бисина. Хьаъа дича а 1амеркан бакъо ю аьлла ца хета адмийн бакъонех лаьцна дийца.

Сайд-1алви, 70 шо, 1еламстаг: — Тахана Нохчийчохь адмийн бакъонаш талхайо бохуш массарел а ч1ог1а мохь бетташ йолу 1амерк пачхьалкх мичахь яра-те чекхбаьллачу шина т1амехь Нохчийчоь охьаотучу хенахь? Оццу 1амерко а, цуьнца бертахь йолчу кхечу пачхьалкхеша а саццаза луш хиллачу долларех, Нохчийчохь «бусалба пачхьалкх» кхуллу шаьш бохуш деса къамелаш а деш, нохчийн культура, г1иллакх-оьздангалла, ислам-дин хьаьшна д1адаккха, суверенни Росси пачхьалкх йохо 1алашо йолш вайн махка эзарнаш дуьненаюкъара террористаш, экстремисташ а хьовсийна, цаьрга вайн туркхаш, къаной, хьехархой, 1едалан белхахой бойуьйтуш, Нохчийчохь маьршачу нехан ц1ий 1енадайтинарш муьлаш бу тхуна дицделла моьтту-те 1амеркана? Тхан г1айг1а а ца беш шаьш долчахь къиэпе, 1аьржа чкъор долчу адмийн бакъонаш ларъейша. Тхан мехкан Куьйгалхо Рамзан Ахматович тхуна мегаш ву. Кхидерг ца дийцича а, х1окху тхан Устрада-г1алахь цо дайтина рузбан маьждиг, хьафизийн хьуьжар, берийн бошмаш, ишколаш, т1ехлекха Аргун-Сити г1ишлош, махлелоран «Беркат» комплекс, спортан комплексаш, оьздангаллин Ц1а, больница, берийн поликлиника, дехкина кхузаманан некъаш тоьар дара.

Муса, 58 шо, пенсионер: — Нохчийчохь шина т1еман ц1е кхерстачу хенахь, бехк-гуьнахь доцу маьрша адмаш дойуш, лечкъош, шайн синош довдийна х1ара дуьне мадду нохчий баьржина лелачу хенахь мичахь яр-те 1амерка пачхьалкх? Тхан махка и ирча т1ом беънарш 1амеркан долларех бохкабелла дуьненаюкъара террористаш хаттабг1ар, абу-валидг1ар, басаевг1ар, бараевг1ар, кхиберш бара. Х1етахь мичахь яра тахана Р.А. Кадыровна а, цуьнан доьзална а санкцеш кхайкхийна 1амерка пачхьалкх? США-н Пачхьалкхан департаментан куьйгалхочуьнга ала лаьа: шун санкцеша мискъал зарратал х1ума галдоккхур дац Р.А. Кадыровн. Цундела шайн ца лозу корта бехка а ца г1ерташ 1амеркехь йолу проблемаш цхьалхаяхахьар аша. Тхан мехкан Куьйгалхо тхуна мегаш а, оха лоруш а, тхуна дукхавезаш а ву. Цуьнан куьйгаллица т1еман херцаршлахь хилла Нохчийчоь х1окху иттех шарахь ца йовззал хийцаелла, т1еман ларш, чевнаш ерзийна ца 1аш исбаьхьчу куьце яьхкинчу цуьнан шахьаршкахь, ярташкахь б1еннаш туристаш хуьлу х1ора дийнахь. Цундела 1амерке а, цуьнан куьйгалхошка а мохь тоьхна ала лаьа: тхо дитийша даха, тхан г1айг1а еш эрна къа а ца хьоьгуш шайн чоьхьара проблемаш листийша.

Ахьмад, 65 шо, сийлахьчу устазан Кунта-Хьаьжин мурид: — Оццул тхан бала кхаьчна йолу 1амерка пачхьалкх мичахь яра-те 1995-чу а, 2000-чу а шерашкахь? Устрада-г1ала а, республикан кхийолу шахьарш а т1еман ц1аро ягийна, аьтта, херцаршлахь 1охкучу хенахь нохчийн къоме г1оьналлин куьг а кховдийна Соьлжа-г1алахь йоккха ишкол а, х1усмаш йохийнчарна чубаха дукхаг1аьтнаш долу ц1енош а дира Москва-шахьран мэр хиллачу Лужков Юрийс а, Казахстанан дуьхьарлечу президента Назарбаев Нурсултана а. Оццул хьалдолчу 1амерко ур-атталла цхьа хьостам а ца белира. Бакъду, тхан махка т1ом чубеанчарна миллионашкахь долларш-м латтийра цара. Тхуна иза цкъа а дицлур дац. Тхуна шу а эшац, шун санкцеш а ца оьшу. Тхо дитийша тхешан махкахь кхиа а, даха а. Нохчийчоь а, цуьнан Куьйгалхо а витий шортта йолу шайн проблемаш листийша.

Бахархошца къамел динарг – А. ТАЗБИЕВ

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

65