Меню
16+

Аргунская городская газета «Аргун»

01.03.2024 22:28 Пятница
Категории (2):
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!

Сакаева Мадинин «Нана, туьйра дийцахьа» киншкех йолу ойланаш

Х1ара книга арайаларе сатуьйсу дукха хан йара. Массийтта шарахь куьйгайозанаш дешначо «ч1ог1а оьшуш йу» олуш, амма зорбане йалийтарна цхьана а кепара кхоччуш х1ума дар а доцуш… Х1окху книгин йешархочунна т1екхочу некъ, суна а хууш, 6 шаре баьллера. Д1адахана 2023-г1а шо чекхдолуш хаза кхаъ кхечира, книга арайаьлла аьлла!

Киншкин тематика шуьйра йу. 270 аг1о йолш йолчу цунна йукъа йахна Даймахках, ненан маттах лаьцна 122 байт, 8 басня, 11 х1етал-металш, 7 дийцар.

Даймахке болчу безамах лаьцна йолчеран коьрта маь1на досту х1окху мог1анаша:

Мел дукха аларх, кхачош дац илли,

Мел дукха безарх, бузуш бац кийра,

Сан Даймохк, сан латта хьерчаш ду цхьаьна,

Хьо безар совдаьлла, дека сан илли.

Даймахкаца шен йолу йукъаметтиг, шен сица доьзна долу Даймехкан дахар, ша цунах йаьлча мегар йоцийла хоуьйту Сакаевас «Лайн зезаг» байтехь:

… Ткъа орам биснера ломахь,

Акхачу 1аламан долахь…

Ца лайна орамах хадар,

Д1адайра зезаган дахар.

Изза боху цо х1окху мог1аршца а:

Даймохк, хьан йо1 йу со,

Хьан сий деш йаха.

«Со хьоьца ирсе йу!» -

Мохь бетташ баха.

Ткъа вай муха даха деза, вай муха хила деза, вайн декхар х1ун ду? Цунна жоп ло авторан х1окху мог1анаша:

Т1аьхьарчу т1аьхьенна

Шайх ала дош дита,

Сийлахьчу Даймехкан

Дай хилий, х1итта.

Лайна т1еман эрчо а, къизалла а, махках даьхна йаьккхина хан а, гина вуонаш а д1атеттина, керла дахар д1ах1оттийна, ирсечу кханенга г1улч йоккхуш, даха деза къам, боху Сакаева Мадинас:

Д1адевлларш дицдала дита,

лелларг а диканна тида.

Де-дийне муьйлуш хьан марзо,

Дехар ду, йицйина къахьо.

Даймехкан 1алам хаздеш, иза 1алашдеш, къахьега бохуш, кхайкхам бо Мадинас «Дог1ахьа, доттаг1, некъаца дитт» байта т1ехь. Кегийчаьрга цо боху «Ду шу мехкан къона генаш!» . Уьш кхетош-кхиорехь ишколашкахь беш болчу балха т1ехь доккха г1о хир ду цу тайпа байтех.

Ненан матте шен болу безам, вай массара а иза ларбеш хила дезар хоуьйту Сакаевас «Ма кегбе нохчийн мотт» ц1е йолчу байтехь:

Сан Даймохк, хьан латта

Ас баьрче дуьллий,

Сайн къоман сийлахь мотт

Буьллу ас улле.

Дешан ницкъах лаьцна хилла ца 1а х1ара дешнаш:

Ларде хьайн бартара схьадолу дош,

Т1аьхьенна ала а дита хьайх дош.

Хазачу дешнаша башош бу лам,

Оьздачу матто ойъуш ду къам.

К1орггера чулацам бу кхарна йукъабог1уш: стеган оьздангалла, нахаца ваза хаар, шен сий ца дойуш лела хаар, нохчийн къам вайх массарех а лаьтташ хилар.

Автора шен произведенешкахь йукъадаладо вайн маттахь наггахь бен лелаш доцу ширделла дешнаш (пассивная лексика)

словарь йуьккъера дешнаш. И ч1ог1а мехала х1ума ду: берашна и дешнаш довзарал совнаха, нохчийн мотт 1алашбар, ларбар а ду иза: мангал, аьлха, шар (д1амелла), литта (дина), арц-дукъ (цоьстуш), накхарш, дургал, до (бу буьзна), куьрк, (къийгийн) жут, (бецан) хут.

Исбаьхьаллин литературин произведенийн шайн цхьа башха, аьхна, хаза сурт кхолладолуьйтуш хуьлу дешан говзанчийн мотт. Меттан исбаьхьаллин кепаша варкъдоккхий, лерса хьоьстуш, б1аьрсана йеша тамехь хуьлуьйту цара. Цундела Сакаева Мадинас шортта йукъайалайо эпитеташ, дустарш, олицетворениш, паронимаш, т1аккха цара дуьйцуш долчун аьтто хуьлуьйту хаза сурт кхолла: «К1ужалш хьовзийна, лаьтта къена талл, К1айчу зазашлахь 1анайахна балл…». «Шершшина деа дохк сан керта, Бешах хьерчош сира верта». «…мархийн мокха боз т1еозий…».

Ч1ог1а самукъане сурт кхоьллина Мадинас «Нускал дадор» бохучу 35 биъмог1нех лаьтташ йолчу йоккхачу байта т1ехь:

Мукъадахка тхьамда болуш,

схьакхайкхина хьеший болуш,

боьдуш бара синкъерам…

…гомийн когаш чуччабетташ,

нийсархоша т1араш детташ,

йетташ галпийн хечех ка,

хелхарехь шен гойтуш ка.

Нускал дадош хила тарлуш долу сурт хаздо паронимаша:

«Дог1уш дара т1ома ц1оз,

Т1аьхьадалош берийн ц1оз».

«Чилла, лекхна йоцца йиш,

Йаха, аьлла: «Йац сан йиш».

Берийн тидам т1ег1ур болуш, дагахь 1амо атта, цхьа шатайпа хелхаран мукъам болуш йу Мадинин байташ:

Массарел хаза сан Даймохк бу,

Кавказан хазна Нохчийчоь йу.

Малх санна, хаза сан мама йу,

Нана, со хьоьца ма ирсе йу!

Иштта дика, мехала йу цуьнан беа мог1нех лаьтташ йолу байташ. Уьш йоца йелахь а, авторан аьтто хуьлу исбаьхьа сурт кхолла. Ненан мотт кхион а, иза берашна марзбан а, бийца 1аморна а дика г1о-накъосталла дийр ду оцу беамог1нийн байташа:

-Лергаш, лергаш! — хьоьсту бабас.

— Б1аьргаш, б1аьргаш! — боху дадас.

Цергаш гежош лаьтта пхьагал,

Хета хьоьжуш к1еззиг б1аг1ар.

1аламан илланча ву аьлла оьрсийн литературехь йисина Пришвин Михаил Михайловичан ц1е. Ца кхоьрруш ала йиш йу вайн — нохчийн литературехь 1аламан илланча Сакаева Мадина йу:

Гобаьккхина къорза дари —

Зезагийн йу дийнна аре.

Велаволуьйтуш, самукъане йу Мадинин байташ. Адамийн амалш йелла, адамийн 1ер-дахаран сурт кхуллуш гойту цо олхазарийн, з1аькардаьхнийн, хьайбанийн дахар. Масала, «Кертахь лелаш н1аьна йу», «Бабин пису хаза ду» байташ т1ехь. Адамийн хуьллучу кепара къовсам бу «Кертахь эла со цхьаъ ду» ц1е йолчу байта т1ехь:

«Дитал, нана, п1елгаш кегор,

Калькулятор йу вай лелор.

Кху кертахь хьо йелла къан,

Кхо б1е шо хан хир йу хьан…»

Адамийн дахарехь санна, акхаройн дахарехь а хилла хийцамаш:

«Х1ело-ов, цициг дуй?

Дара со, дагца йина ч1аг1о,

СМС хьоь ца йахьийта,

хьан аз сайна ца хазийта…

… К1еззиг шай-кай вовшахтоьхна,

ц1а бан хьожур со СТОП тоьхна.

Акхаройн дахар а чолхе ду, адамийниг санна. Йамартло а, тешнабехк а, х1илла а ду цаьргахь а. Автора ч1ог1а говза гойту церан амалш, дог-ойла — цициган, цхьогалан, берзан, дехкан... «Дог1ура цхьогал, ирзо а хедош» ц1е йолчу байта т1ехь цо гойту къиган а, цхьогалан а амалш:

Йоллура со-м хатта-ала:

«Йахний кесталг1а хьо г1ала?

Кхиъний-те хьо базара йала?»

-Дерригенан бу сан бала…

…Ду-те багахь хьан цхьа тема?

Оьший-теша билла кхема?

Тоьхний-техьа дашо цергаш?» -

Эццахь гайти къиго цергаш».

Бераш кхетош-кхиорехь дика дакъа лоцуш, г1о дийр долш хир йу аьлла хета киншки т1ера баснеш а, х1етал-металш а.

Диэша дакхий а доцуш, амма чулацам к1орггера болш ч1ог1а мехала ду авторан дийцарш. Адамийн догц1еналла, жоьпалла кхиош, шена т1едиллина декхар кхочушдан 1амош ду «Ма1аш йолу пуьташ» дийцар. Мехала хир ду и дийцар баккхийчара кегийчаьрца цхьана деша а дешна, цунах лаьцна шайна хетарг берашка а олуьйтуш, цу дийцаран коьрта маь1на билгал а доккхуш, цуьнан чулацам бийцаре бича. Дийцаран ц1е иштта х1унда йу а, муха хила веза а 1амош ду и дийцар, соьга хаьттича.

Къинхетаме, доглозуш, садолчу х1умнах къахеташ хила 1амаво «Баба, туьйра дийцахьа» , «Суьйре ц1ийлахь, кхоллар кечйе» бохучу дийцарша.

Къинхьегаман, балхана т1ера хила , низам долш хила 1амор ву «Серах ца бина х1оз», «Вайн г1иллакхаш» ц1е йолчу дийцарша.

Къамел дерзош ала лаьа: Сакаева Мадинин х1окху дуьнене хьежар Антуан де-Сент Экзюперин «Жимча элин» санна, догц1ена, сирлачу ойланца, адамашка болчу безамца, ларамца ду. Цунна дика хаьа, берашна х1ун оьшу, уьш муха ду. Вайна дагадог1у цу жимчу элан дешнаш: «Ведь все взрослые люди когда-то были детьми, только мало кто из них об этом помнит». Ткъа Мадинина иза диц ца делла. Цундела х1окху киншки т1ехь цо берашца деш долу къамел догц1ена къамел ду, шех тоьшуьйтуш, байташ йеша догдоуьйтуш.

Масех дош эр ду вай Мадинин доьзалх лаьцна. Ша ц1ера Теркйистера йу иза. Делан йозанца кхуьнан 1ер-йахар нохчийн ширчу, ц1арна а ц1ейаханчу йуьртахь — Г1ойт1ахь нисделла. Кхуьнан берийн да Исаев Ахьмад (Дала гечдойла цунна) Нохчийчохь а, Россехь а предприятийн куьйгалхо хилла, дуккха а шерашкахь «Промавтоматика» заводан директор а лаьттина. Россин журналистийн Союзан декъашхо а хилла. «Эхо тысячелетий» а, «Гойты» а аьлла шина киншкин автор а ву Исаев Ахьмад. Мадинин к1ентан йо1 массарна йевзаш а, йезаш а йолу Исаева Айнаъ йу, ткъа тахана вай йуьйцуш йолчу киншки т1ехь мел долу сурт диллинарг Мадинин йоь1ан йо1 Пашаева Селима йу. Вайна ма-гарра, ч1ог1а кхоллараллин бу кхеран доьзал. Цул сов, 2014-чу шарахь арайаьлла «Приказано забыть» ц1е йолчу исбаьхьаллин фильмехь коьртачарех роль ловзош йу Мадина. Дахаре хьежарца, дог-ойланашца, дечу къамелаца, адамашца йолчу уьйрашца а Сакаева Мадина хила ма-езза вайн къоман оьзда зуда йу. Берашна лерина кхуьнан «Нана, туьйра дийцахьа» киншка арайалара боккха кхаъ бу вайна массарна, къаьсттина берашна. Халахеташ делахь а, вайн литературехь тоъал йац берашна лерина произведенеш. Ткъа тахана нохчийн маттаца кхолладелла хьал ледара ду. Вешан мотт боккъалла а ларбан вай дагахь делахь, цу маттахь къамел дина ца 1аш, нохчийн исбаьхьаллин литературин произведенеш йеша йеза вай. Уьш йешар хьалакхуьуш долчу чкъурана марздан а деза.

Вай йуьйцуш йолу киншка йовзийтар хилира кхолламан (январь) беттан 30-чу дийнахь Айдамиров Абузаран ц1арах йолчу Къоман библиотекехь. Кхуза баьхкина бара нохчийн йаздархой, искусствон белхахой, исбаьхьаллин литературица гергарло долу йешархой, Теркйистера а, Г1ойт1ара а Мадинин гергарниш, цуьнан доттаг1ий, студенташ а, шайн дешархошца цхьана хьехархой а. Суьйре д1ахьош вара нохчийн йаздархой Союзан белхахо, Мадинин киншкин редактор Бурчаев Хьалим. Цо Мадинин дахаран а, кхоллараллин а некъах а, йуьйцуш йолчу киншкин мехаллех а лаьцна дийцира гулбелчарна.

Нохчийн Республикин «Союз женщин России» организацин регионала куьйгалхочо Уциева Сацитас лаккхара мах хадийра шайн Союзан декъашхочо Сакаева Мадинас бинчу белхан, даггара баркалла элира оцу киншкина йукъайахана байташ берашна лерина хиларна. Союзан ц1арах мехала, хаза совг1ат а делира Мадинина, зезагийн йоккха курс а луш.

Нохчийн къоман йаздархочо Арсанукаев Мусас йовзийтира Мадинин киншкана йукъайаханчу произведенийн тематика а, церан башхаллаш а. Ч1ог1а мехала а, оьшуш а болх бу кхо бинарг , аьлла, т1еч1аг1дира Мусас.

Айдамиров Абузаран ц1арах йолчу библиотекехь «Литературная гостиная» ц1е йолуш литература йезачийн тоба йу. Цуьнан декъахойн ц1арах Мадинех лаьцна дош олуш йистхилира Вагапова Асет а, Дадакаева Масани а.

Сакаева Мадинин киншкина т1ера дагахь 1амийна цхьа байт йийшира Соьлжа-г1алара №34 йолчу ишколан 5-чу классан дешархочо Бокова Камилас.

Мадиница цхьаьна массара а боккха кхаъ хилла т1еийцира нохчийн йаздархойн Союзан куьйгалхочо Ельсаев 1аламахьада Мадинина делла совг1ат — Айдамиров Абузаран ц1арах мидал. И мидал нохчийн мотт кхиорна, ларбарна, бовзийтарна, 1алашбарна, цуьнца долу гергарло массарна а марздарна дина совг1ат ду. Оцу совг1ате кхочуш кхин х1ума хира дуй-техьа, аьлча санна, хазахеташ, йоккхайеш йара Мадина, х1унда аьлча, Абузаран кхолларалла нохчийн къоман хьал, дозалла хиларна.

Киншка йовзийтарехь дакъалоцуш вара «Россин Хьакъволу артист» Межидов Сахьаб а, Мадинин к1ентан йо1 «Нохчийн Республикин Хьакъйолу артист» Исаева Айнаъ а. Цу шимма д1ааьллачу эшарийн а, иллийн а дешнаш Мадинас йаздина дара.

Шен ларам а бина лерина кхуза баьхкинчарна Мадинас баркалла а олуш, шен киншкина йуккъера дийцарийн турпалхойн прототипаш — шен к1ентийн бераш а довзуьйтуш, цига гулбеллачара массара а цхьана сурт а доккхуш чекхйелира и суьйре.

Цул т1аьхьа цхьа-ши де даьлча Соьлжа-г1алин Дас Хизриев Заура куьг йаздина, Баркаллин кехат делла Сакаева Мадинина нохчийн мотт 1алашбарна, д1акхайкхорна, т1екхуьу чкъор кхетош-кхиорехь доккха дакъа лацарна, аьлла. Совг1ат д1аделира йаздархойн Союзан ц1ийнехь. Ельсаев 1аламахьада баркалла элира г1алин куьйгалхочунна республикин йаздархойн тидам беш, церан хьашташка хьожуш хиларна. Мадинас а элира баркалла и совг1ат схьаделлачу Соьлжа-г1алин Думин аппаратан куьйгалхочун заместительна Абдурашидов Ханпашина шен кхоллараллин оццул лакхара мах хадорна.

БАРЗАНУКАЕВА Айза

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

49