Меню
16+

Аргунская городская газета «Аргун»

22.03.2024 22:10 Пятница
Категории (2):
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!

Йаздархойн мехала цхьанакхетар

2024-чу шеран бекарг беттан 19-чу дийнахь 1аламат самукъане дара Нохчийн Республикин йаздархойн х1усамехь. Алссам йаздархой а, поэташ а, журналисташ бара цхьанакхетаре гулбелла.

Х1ора шарахь бекарг беттан 21-чу дийнахь билгалдоккхучу дуьненайукъарчу поэзин Денна лерина дара цхьанакхетар. Нохчийн Республикин йаздархойн Союзо масех бутт хьалха кхайкхиначу конкурсан жам1аш дара гулбеллачарна довзийта лерина. Украинехь д1айоьдучу лерриначу т1еман операцех говзарш йара конкурсанташа йазйан йезарш. Конкурсехь кхоъ номинаци йара: поэзи, проза, публицистика. Поэзин номинацехь хьалхара меттиг йаьккхира вайн махкахь г1араваьлла вевзачу поэта Борхаджиев Хож-Баудис. Прозехь толамхо хилира Закриев 1ийса. Публицистикехь хьалхара меттиг йаьккхира Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналиста Газиева Азас. Толамхошна мехала совг1аташ а, сийллаллин грамоташ йелира. 2023-чу шарахь б1аьрла хьуьнарш гайтинчу йаздархошна Айдамиров Абузаран ц1арахчу мидалшца совг1аташ дира. Уьш бара поэт Магомадов Сулим, йаздархо Гайраханов Мовла, журналист Садаева Раиса, Нохчийн Республикин парламентан депутат Нагаев 1адлан. Цхьанакхетар д1ахьош вара Нохчийн Республикин йаздархойн Союзан председатель Ельсаев 1аламахьад. Поэташа шайн байташ а йоьшуш ч1ог1а хаза д1адахара и мехала цхьанакхетар. Д1асабовлале безамна аьлла цхьане сурт даккхийтара гулбеллачара.

АРАПХАНОВА Аза

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

3