Меню
16+

Аргунская городская газета «Аргун»

11.04.2024 21:16 Четверг
Категории (2):
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!

Мархийн бутт

  • Г1иллакхца ийманехь ч1аг1луш.
  • Маттана салават марзлуш.
  • Беана хилла хьо, мархин бутт -
  • Хьан тахна 1одика йойла.
  • Хьо марша г1ойла.
  • Вайн синна ша дарба хилла,
  • Эхартахь хазхетар хилла,
  • Беана хилла хьо, мархин бутт —
  • Хьан тахна 1одика йойла,
  • Хьо марша г1ойла.
  • Кхоьлина йуьхь-амат къагош,
  • 1амалехь совдийлар далош,
  • Беана хилла хьо, мархин бутт —
  • Хьан тахна 1одика йойла,
  • Хьо марша гӀойла.
  • Г1иллакхца ийманехь ч1аг1луш.
  • Маттана салават марзлуш.
  • Беана хилла хьо, мархин бутт -
  • Хьан тахна 1одика йойла.
  • Хьо марша г1ойла.
  • Риехьиенна сагатдар деъна,
  • Муъмина беза кхаъ беъна,
  • Беара мархин бутт вайна -
  • Хьан тахна 1одика йойла.
  • Хьо марша гӀойла.

КАДИЕВ Руслан

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

2