Меню
16+

Аргунская городская газета «Аргун»

18.04.2024 22:14 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!

Баматгира-хьаьжин (1овдин) весет

Шейх Баматгирей-хаджи (1овда)

«Варийлаш, ас весет до шуьга… Шаьш йуьртара йуьрта а, шахьарера шахьаре а доьлхуш, сан весет д1акхачаделаш бусалбачу нахе, вовше дезаш хила алалаш».

Митаев Баматгира-Хьаьжас (Дала даржехь савоккхийла иза), халкъалахь Г1овс-1овда аларца вевзаш волчу, ша Калугехь Деле верзале весет до шена гонаха болчу муридашка. Цо динчу весетех дара цхьаъ: «Варийлаш, ас весет до шуьга… Шаьш йуьртара йуьрта а, шахьарера шахьаре а доьлхуш, сан весет д1акхачаделаш бусалбачу нахе, вовше дезаш хила алалаш». Х1ун маь1на хилла-те 1овдас Ша дуьненчуьра д1авахале йаккха йисинчу к1еззигчу хенахь оцу весетана сел тидам т1ебахийтинарг? Массех дош бен дан а доцуш, амма шари1атан а, т1арикъатан а бог1амаш беригге а чулаьцний-те аьлла шена чохь боккха чулацам болуш долу и весет Г1овс-1овдина лиира вайга схьакхачо. Делан дуьхьа хьуна цхьа стаг везарехь болу пайда Делан Элчанан (Делера салават-салам хуьлда цунна) хьадисера ду-кх: Делан Элчано (Делера салават-салам хуьлда цунна) дийцина: «Сайна дукхабеза т1елаьцна Ас сайн дуьхьа вовшийн безаш берш» (Муватт1аъ Малик). «Ши къонах вовшашна дукха везар ма вац цу шиннах шен накъост сов дукха везарг Далла совдукха везаш бен» (Т1абарани). «Делан дуьхьа цхьана лайна важа лай дукха везар ма вац Дала цуьнан лерам биний бен» (Имам Ахьмад).

Къематдийнахь Дала эра ду: «Стенгахь бу сан дуьхьа вовшийн дукха безнарш? Сайн 1оршан 1индаг1а бен доцучу дийнахь 1индаг1 дийр ма-ду Ас царна» (Имам Муслим). Шен дег1ехь шена ийманан чам каро лууш волчунна Делан дуьхьа къонах везийла, Делан дуьхьа бен и дан а доцуш» (Хьаьким). «Делан дуьхьа безнарш йаххьаш нуьре йолуш хир ма бу. Жовх1арийн мимбарш хир ма йу царна. Нах кхералучу дийнахь кхерам хир ма бац царна» (Ахьмад, Хьаьким). Шен Делан дуьхьа везавеллачу къонахчунна г1ибат дийр ма дац, йа бух1тан дийр дац, г1алатлонна бехказло лур ма йу, г1оьнна д1ах1оьттина хир ву, цунна къинт1ера валар сихо хир ма йу, вайна хууш ма хиллара.

Х1орш т1оьхула долу вайна схьагуш долу диканаш ду, ткъа вай т1екхиаза дерг ма дуккха а хир ду. Вай кхоьллинчу Дала вовшен дезарехь, дашарехь сов дохийла вай.

Зорбане кечйинарг — А. ТАЗБИЕВ

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

2